Марша ба хьо мархийн бутт!

06.05.2019

Марша ба хьо мархийн бутт!

Бисмиллах1иррахьманиррахьим. Хастам бу Далла вай бусалбанаш кхолларна а, Мухьаммад Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) умматах хиларна а. Сийлахь а, беза а, беркате а мархин бутт ларар Дала бусалба нахана фарз дина ду. Цу батта чохь марха долчу стаге марха дастийтича, къиношна гечдийр ду Дала. Цуьнан я1ни жоьжахатах хьалха йоккхур ю. Марха кхаьбначу стагана йоллу ял хир ю цунна. Юучуьнца, молучуьнца а юхаваьлла ца 1аш, шен хьажар, олу дош, боккху ког а лардан дезаш ду оцу баттахь. 

Мархин бутт т1ебеъча Везачу Дала ялсаманин не1арш д1айоьллу, ткъа жоьжахатин не1арш йоьхку. Шайт1анаш, иблисаш д1адоьхку. Иштта Дала бусалба нахах къинхетам бина бутт бу иза. -Мархийн баттахь базарахь мехаш лакхадахарх лаьцна дош алахьа.-Юхкучу х1уманийн мах лакхабоккхуш берш, оцу беттан маь1на ца хууш берш бу. Вайна ма-хаъара, мархин бутт къинхетаме бутт бу. И бохург х1ун ду? Марха кхаьбначу стагана мацалла хаало. Т1аккха цунна девза г1ийлачу стеган хьал. Цуьнан дагчу къинхетам буссу. Мархийн баттахь Дала вайга саг1анаш даха боху, г1ийлачу стеган 1уналла дайта. Х1ета, мархин батта чохь къинхетаме а, комаьрша а хила безачу меттана, цхьаболу нах къиза а, пис а хуьлу. И тайпа нах бу мархийн баттахь базарахь мехаш лакхабохуш берш. Уьш мархин диканах хадарна кхерам болу нах бу. Мархин баттахь шега ма баккхало мах охьабоккхуш хила веза Делан дуьхьа. Шен ницкъ ма – кхоччу саг1а доккхуш хила веза. Ша юхкуш ерш помидораш елахь, цхьа помидор сов елла а, хурманаш елахь цхьа хурма сов елла а комаьрша хила веза. Иза а ду саг1ийна х1ума ялар. Лераме бусалба вежарий, йижарий Дела реза хир воцу х1уманаш дита деза мархин баттахь. Бусалба стага оцу батта чохь шега Дела реза хуьлда, Дала диканца бекхам бойла, Дала къинхетам бойла бахийта дезаш хьал ду. Везачу Дала мархин батта чохь Шен къинхетамца жоьжахатех хьалха даьхначарех дойла вай. Дала зуламех, питнех лардеш, вовшийн дезарехь совдохуш къинхетам бойла вайх дуьненахь а, эхартахь а. Амин!